ДОКЛАД: "ДЕШАРХОЙН ГIИЛЛАКХ—ОЬЗДАНГАЛЛА КХИОР"

Предмет: Другое
Категория материала: Другие методич. материалы
Автор:

ДЕШАРХОЙН  ГIИЛЛАКХ—ОЬЗДАНГАЛЛА  КХИОР

 

                             ГIИЛЛАКХ ДОЬЛХУ ДОВШ ДУ                                  

                                                                               БОХУШ,

                                 НЕНАН  МАТТАХЬ  БЕТТАШ  МОХЬ.

                                                                                                              С.Касумов

ГIиллакх-оьздангалла коьрта дакъа ду синоьздангаллин кхетош - кхиорехь.  Йоккха меттиг дIалаца еза синоьздангалла кхиоро  дешаран заведенешкахь.  Цу  хьокъехь  бан  безаш  болу  болх  чIогIа  ледара  хилар  билгалдаьккхина вайн  нохчийн  президента Р.А.Кадыровс.

ТIекхуьу чкъор кхетош - кхиоран балха тIехь йоккха меттиг дIалоцу дай-наноша а, хьехархоша а. Дешархойн леларехь шайн цIера, доьзалехь долу гIиллакхаш гучадовлу. Шен духарца а, леларца оьзда йолу йоI а, гIиллакхе , иманехь волу кIант а билгалволу школехь, вузехь, арахь дIахIоттарца, вистхиларца. Школехь дика доьшуш долу бер оьзда, лераме хуьлу,церан дай-наной школаца уьйр йолуш хуьлу.

Хала хеташ делахь а, дай-наноша дешаран низам лардар а,  беран цIахь терго яр ледара ду. Дешарца ойла йоцуш, шайх школехь пайда хиларна  а кхоьру дешархой кIезиг бац. Нислуш ю хьехархошка а, наношка а бер кIоршаме дистхуьлуш йолу меттигаш.

Дай-наноша кIадвалар доцуш, тидам бан   беза шен доьзалхочун,  бала хила беза шен беро арахь лелочун. Шен берана   беш болу хьехамаш сацо ца беза, терго чIагIъян еза,  карах даларе ца хьоьжуш. Шен доьзалхо жоьпалле озо ден а, ненан а юьхь хила еза - дахарехь  берана масала гайтарца. Берана  жима долуш дуьйна Iамо деза диканиг, беро тидаме эца беза  шена  бен  болу  хьехамаш. 

            Да декхараллахь ву даима  шен доьзалхочух жоп дала.

«Со долара ваьлла», - аьлча,  мукъа а ца воккху  дино, Iедало я наха а. Дас хIора гIиллакхан маьIна дийца деза шен бере.

Вайн къоман гIиллакхца ду божарийн салам  далар-эцар, амма и даларан шен хьелаш  ду. Салам луш ца хилла  шен цIийнан (гергарчу) стаге,

ненахошка,  стунцахошка - невцо,  баккхийчаьрга, зударшка, кхиазхошка,  маьждигехь.

Дукха ду вайн  дайшкара схьадеана кIорга  маьIна  долу, лардан  деза

 гIиллакхаш. ХIоранна хазалла, мехалла йовзуьйтуш бер кхето деза.

Ден  шен барамца йолу чIогIаллий, ненан йовхой оьшу бер кхеторехь.    

Синоьздагаллица  кхетошкхиорехь йоккха меттиг дIалоцу  школо.  

Муьлхачу урокехь карор ю оьздангаллин,  гIиллакхан хазалла хьахо меттиг.
Къаьсттина нохчийн меттан а,  литературан а, этикан а,  динах лаьцна дуьйцучу урокашкахь. ТIаьхьарчу урокашна сахьташ(1 сахьт кIирнах) чIогIа к1езиг ду, церан ч1ог1а эшаре хьаьжча.

Хьехархочо   говза  дуьйцучуьнга  дика ладугIу дешархоша. Дукха масалаш  ду вайн къоман фольклорехь,прозаически а, поэтически произведешкахь дешархо кхетош - кхиорехь  чIогIа мехале  амалаш юьйцуш.

Нахана юкъахь муьлха гIиллакхаш ду лоруш, муха стаг дош хета нахана?

Оцу хаттаршна жоп дала таро хуьлуьйта хьехархочун лакхарчу классашкахь классал арахьара вовшахкхетарш  кечдеш, дешархошка дакъа лоцуьйтуш дIахьо диспуташ, кхоллараллин белхахошца  долу цхьанакхетарш

Вайн гIиллакхаш  муха хилла  ( синкъерамехь,  ловзаргахь), йоьIан, кIентан

юкъаметтиг  йийца еза шайн классан сахьташкахь:

 «КIентан яххьий, йоьIан эххьий:  

   Ма гойла дIадаьлла де!

  Кхана уьш дIадовлуш делахь

    Ца вехаш,со тахна ле…( А.Сулейманов)

Тип материала: Документ Microsoft Word (doc)
Размер: 53.5 Kb
Количество скачиваний: 8
Просмотров: 110

Похожие материалы