Доклад на тему: «Къона т1аьхье синоьздангаллехь кхетош-кхиор».
Предмет: | Другое |
---|---|
Категория материала: | Другие методич. материалы |
Автор: |
Чемирзаева Яха Сайпудиновна
|
Де дика хуьлда шун массеран а, махкахой! Дала могаш а, маьрша а лелуьйтийла шу т1ейог1учу хенахь: балха т1ехь кхиамаш болуш, доьзалшкахь эхь-иман а, ирс-аьтто а лаьтташ. Со йоккхае, вайн къизачу историн яхаллехь вайн къомана хиллачу синъэшамашна а, зенашна а т1е тидам а берзийна, вайн республикан 1едалан коьртера дуьйна дайшкарчу г1иллакх-оьздангаллин а, ламастийн а дозанаш чудерзо 1алашо йолуш, х1ара мехала болх д1аболалучу замане со яьлла.
Адаман зуьрет кху лаьтта т1ехь даха даьржичхьана, д1аяханчу историс вайна хьоьхуш ду, массо а къоман коьрта лазам, г1айг1а а хилла шел т1аьхьа дуьненчохь хьекъал, кхетам, доьналла а долуш, дайша шена битина мотт, мохк, г1иллакх-оьздангалла, дин а дозаллица, йоь1аб1аьрг сана, лардеш, гонахарчу къаьмнашца яза а, таръяла а хууш еха йолу т1аьхье кхиор.
Оцу декхарца лара ца делла къам даккхийчу къаьмнашлахь даьржина а, иэделла а довш, схьайог1уш ю зама. Дуьненчуьра дайна д1адовллал хала, къиза а, кхераме а киртигаш вайн къомана а т1ех1уьттуш лаьтташ ю. Амма вайн къоман синч1аг1о Везчу Дала башха кхолларна а, цо шен къинхетамах вай ца хадорна а, вайн къам тахана а тийсалуш ду кху маьлхан дуьненах, вешан нохчийн кхерч а, доь а ца дайта г1ерташ. Вайна ца хуийла яц т1екхуьучу т1аьхьенийн хьекъал, кхетам, оьзда хилар а уггар хьалха доьзна ду доьзалх а. цу доьзалерчу баккхийчех а; шозлаг1а, дешаран хьукматийн балхах; кхозлаг1а, юкъараллин низаман ч1аг1онах.
Аса школехь болх бен ткъе итт шо сов хан ю. Д1аяханчу хено вайн оьздангаллина дина зенаш вайн массарна а б1аьрхьалха ду дахаран массо а аг1онашкахь. Дайшкарчу оьздангаллех вай херадовлар гуш ду. Цундела вайн таханлера 1алашо ваьш а вешан т1аьхьенаш а дайшкарчу г1иллакх-оьздангаллин мехаллаш т1аьхь юх денъяр елахь и г1уллакх уггаре а хьалха д1адоло деза доьзалехь дас-нанас аганан иллица, ненан маттаца. Аганан иллица , ненан маттаца ду нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ.
Ага – къоман кхиаран, г1иллакхан бух кхерчан ладаме цхьа дакъа ду. Кхетош- кхиорехь хьалхара терхи я къоман школа аьлча, нийса хир ду цуьнах. Оцу аганахь д1аболало беран ненан матте, цул т1аьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш буьйцу мотт а. Дуьххьарлерниг, хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта цунна, иэсехь, кхетамехь д1аязло гуттаренна а.
Ага нохчийн цхьайолчу х1усамашкара д1адаккхарца, д1адаларца д1адевлла дуккха а хаза г1иллакхаш, б1еннаш, эзарнаш иллеш, эшарш, мукъамаш. Х1ора ненан а шен илли, эшар, мукъам ма бу цо бен ца локхуш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац и мукъам, аганан, гаьнгалин а техкарца хезаш Хилла болу. Кхечарех тардала г1ертачу я цхьаннех тера ца хила г1ертачу къоман оьмар йоца хуьлу. Массо а х1ума цхьана барамехь, низамехь а хилча ларло къам, цуьнан мотт, г1иллакхаш, ламасташ.
Тип материала: | Документ Microsoft Word (doc) |
---|---|
Размер: | 57 Kb |
Количество скачиваний: | 10 |