Классный час "День чеченского языка"

Предмет: Начальные классы
Категория материала: Конспекты
Автор:

25- г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза де лерина ду.Таханалера вайн цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вай юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Иштта довзуьйтур ду, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а. 

Дуьненчохь са  мел долу х1ума ненан кийрара схьа даьлла ду. Х1ун хир ду ненал  сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна дийшош,  хазачу мукъамехь илли олуш,  дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

   Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьллича хьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а. 

Тип материала: Документ Microsoft Word (docx)
Размер: 26.84 Kb
Количество скачиваний: 694
Просмотров: 827

Похожие материалы