«Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангалла» темина лерина берийн бешахь д1аяхьа лерина мероприяти.»

Предмет: Начальные классы
Категория материала: Другие методич. материалы
Автор:

«Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангалла» темина лерина берийн бешахь д1аяхьа лерина мероприяти.»

 

    Де дика хуьлда, хьоме бераш!

    Марша дог1ийла  шу , лераме   хьеший!

   Тахана   бераша,  вайна  дуьйцур  ду, нохчийн   къоман    г1иллакхех, оьздангаллех лаьцна. Х1ора  занятехь нисло вайн нохчийн  къоман  хаза г1иллакхаш довзийтар, цаьрга безам  кхоллар, вайн нехан дикачу  амалех лаьцна  дуьйцар.

Оьздангалла – ю вайн яхь,

Оьздангалла ду г1иллакх,

Оьздангалла ду вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

   Дуьне хаздинарг малх бу, буьйса хазйинарг седарчий, беттаса ду. Вайн дахар хаздинарг адамийн оьздангалла, г1иллакх ду.

   Бераш! Шуна  ма - хаъара вайн дайшна, дедайшна  юкъахь  хилла г1иллакх- оьздангалла, ларам. Г1иллакх – иза адамаша вовшаца лелочу  гергорлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Оьздангалла х1ора стеган леларехь, амалашкахь гучяьлла ца 1аш, шен сица а, синкхетамца хила езаш ю.

 Хаза г1иллакхаш ду  вай: да-нана ларар, церан хьашташка хьажар, вовшашна г1о дар, гергорло леладар, вуо болх хилча орцах довлар.

     Вай нохчийн маттахь дукха газеташ, книшкаш т1ехь,Стела1ад журнал т1ехь ду туьйранаш, кицанаш, аларш, дийцарш. Царах  дукхахдерш вай  дешна, 1амийна ду.

         Х1инца хьан юйцур  яра  вай  1амийна байташ (стихи):

                                      « Оьздангалла».

 Оьздангалла! Адамашна

Ма оьшу хьо дахарехь,

Хьо йоцуш вверг нахана

Ца хетта стаг вахарехь.

Оьздангалла! Хьан мах бац,

Хьо ду стеган доккха ирс,

Ткъа ирс атта карош дац-

И бац бухку – оьцу г1ирс.

Оьздангалла - ю вай  яхь.

Оьздангалла - ду г1иллакх,

Оьздангалла - ду вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

-Баркалла. Хаза йийци. Бераш  шу муха кхийти цу байтах?

-Оьздангалла стеган  дег1аца, олачу дашца а, боккхучу когаца, массо а ханна шеца хила  езаш ю.

-Стаг сте во?

-Г1иллакхо во стаг.Г1иллакхах воьхнарг стогаллах воьхнарг лору халкъо.

 

-Нийса ду.

Тип материала: Документ Microsoft Word (docx)
Размер: 26.59 Kb
Количество скачиваний: 322
Просмотров: 773

Похожие материалы