Индивидуальное обучение на дому в 4 классе, чеченский язык

Предмет: Начальные классы
Категория материала: Рабочие программы
Автор:

Нохчийн мотт 1аморехь дешархойн дешнийн барам совбаккхар а ду мехала. Жигара шех олуш болу дешнийн барам х1ора классехь билгалбеш тидаме эцнарг х1ара ду: оцу барамехь дешнаш берийн лексикехь хилахь, цара таро лур ю царна х1ора денна йоза - дешар 1аморан декъехь т1екаре хила. Юьхьанцарчу классийн дешархойн лексикийн барам 3000 гергга дош хила деза, царах 600 дош карадерзадо цара 1-чу классехь, 700-шолг1ачу классехь, 800-3-чу классехь, 850-4- чу классехь. Хьехархочо шен лаамехь церан барам совбоккхуш х1ора классехь юкъадало тарло кхин а 50-70 дош.

И дешнаш жигара карадерзор д1ахьо церан лексически цхьа маь1наш хилар а довзуьйтуш, омонимаш, синонимаш, антонимаш йовзийтарца, дешхьалхенийн, суффиксийн г1оьнца цхьана орамах керла дешнаш кхолларца.

Дешархошна бовзуьйту дешан фонетически, морфологически х1оттам, цара 1амадо коьрта къамелан дакъош а, церан грамматически категореш а, предложенехь оцу къамелан дакъоша кхочушден синтаксически г1уллакх а. Лексически а, грамматически декъехь дешнаш карадерзор деа шарахь д1ахьо.

Грамматически а, орфографически а материал программи юкъа ялийна х1ора т1ейог1учу классехь т1етт1а шоръяран,к1аргъяран, чолхеяккхаран хьесапехь.

Массо а кепара мотт 1аморан а, къамел кхиоран а г1уллакх кхочушдина самукъанечу, еша дог дог1учу тексташна а, упражненешна а т1ехь.

Программехь коьрта меттиг д1алоцу т1екаре хила 1аморан карадерзораш, шардарш кхиоран балхо. Барта къамел кхиор хила деза дешархойн коьртачу тидамехь уьш еша а, яздан а 1емачу хенахь а, грамматикех болу хаамаш царна бовзуьйтуш а, йозаелла тексташ х1иттош а, упражненеш кхочушъеш а.

Тип материала: Документ Microsoft Word (docx)
Размер: 69.48 Kb
Количество скачиваний: 23
Просмотров: 161

Похожие материалы