Научно-практическая конференция «Шаг в будущее-2015» - Лексика предметов домашнего обихода чеченцев 15-20 вв.

Предмет: Другое
Категория материала: Другие методич. материалы
Автор:

Карарчу хенан мехала:« Муьлххачу а юкъараллин декхар ду шен ненан мотт 1алашбар, кхиор, т1екхуьуш йолчу т1аьхьенашка халкъан синхазна д1акховдор».

                                                                                                   Кадыров Рамзан Ахматович, Нохчийн   Республикан куьйгалхо

Лазам: къона т1екхуьуш йолчу т1аьхьене нохчийн къоман мотт, нохчийн къоман хаза, оьзда г1иллакхаш лардарехь х1ун дакъа лоцур дара-те? Леш долчу меттанех вайн мотт д1акхетарна кхоьру-кх со.

Тема:нохчийн кхерчан а, х1усаман а х1уманийн ц1ераш. Названия  предметов домашнего обихода чеченцев

1алашо: вайн нохчийн мотт ларбар, кхиор, цуьнан таронаш гайтар.

Декхар кхочушдар:

1.      Нохчийн кхерчан а, х1усаман а х1уманийн ц1ераш таллар.

2.      Церан маь1на довзар.

3.      Айса бина болх сайн нийсархошна бовзийтар, царех дагавалар.

4.      Керланиг т1елацар.

Некъаш:

1.      Дан дезарг билгалдаккхар.

2.      Талламан болх д1абахьар:

А) оьшуш йолу литература 1амор;

Б) нохчийн кхерчан а, х1усаман а х1уманаш йолу меттигаш гар;

В) проектан презинтаци яр.

         3.  Бинчу бехан жам1 дар.

Хиндолчун жам1:

         Нохчийн матте болу безам кхуьур бу сан нийсархойн.

         Дахарера д1аевллачу х1уманийн ц1ерш йовзан а, уьш тала а лаам хир бу.

         Церан лаам хир бу мотт талла а, 1амо а.

         Вайн мотт д1абер бац, денна кхуьуш, хазлур бу.

                                                                                                                                                                                                       

 

Д1адолор

Балха т1ехь мукъа денош нисделча сайн деца, ненаца д1а-схьа вахар нисло сан. Дукхахьолахь, Ведана доьлху тхо. Тхан дай цигара бу. Жима волуш дуьйна схьа денанас цхьацца х1ума аьлча, ас юх-юха хоьттура цуьнга ца кхеташ. Суна дан а дац моьтту дешнаш нислора цуьнца дечу къамелехь. Ас дозаллица хоьттура сайн классехь доьшуш долчу берашка, царна ца хаьара, уьш ширделла дешнаш ду, уьш х1инца лелаш дац олура соьга. Т1аккха нохчийн меттан хьехархочуьнга хоттура ас, цуьнан хуьлура суна дала жоп. Ас ойла йира, жоп доцуш долу дош къезиг ма нисло, уьш гулдинехь х1ун дара-те, аьлла. Оцу сайн ойланах лаьцна нохчийн меттан хьехархочух Чемирзаева Яха Сайпудиновнех дагавелира со. Цо ч1ог1а къобалдира, сан ненан матте болу безам кхуьуш хилар, суна и бен доцуш цахилар.

Дешнаш гулдаран болх ас д1абаьхьира 1илманан литературех (словари), исбаьхьаллин литературех,  мотт толлуш а, и хууш а болчу нахаца барта дечу къамелах пайдаэцарца.

Адаман дахаран коьрта маь1на долуш ю цуьнан х1усам. Дерриг диканиг а, вониг а шен х1усамехь дас-нанас хьоьху, х1усамера д1адолало. Х1усамехь долчу хьолах а, х1усаман г1иллакхех а доьзна ду. Цундела, ас сайн дешнийн болх, хьалхарчу декъана нохчийн х1усамехь оьшучу г1ирсах (х1уманах) долу дешнаш гулдеш д1абахьа лерина (мотт-г1айба, 1айг-кад и кхин д1а а).

Х1окху балха т1ехь гулдина долчу дешнаша юкъалоцу 15-20-г1ий б1ешерийн мур. Билгалдоккху ц1ердешнийн цхьаллин, дукхаллин терахь.

21-чу б1ешарера дешнаш к1езиг нисло, х1унда аьлча вайзаманхошна уьш девза, сан 1алашо к1езиг девза я довззане ца девза дешнаш гулдар а, церан эвсаралла совъяккхар а йолу дела.

 

 Вай нохчийн мотт 1амийча, кхин оьшург а 1емар ду. 1емар ду Дала вайна совг1атна делла долу вайн г1иллакхаш. Девзар ду-адам ларар, сий, маршо, собар, доьналла, тешам, иэхь, бехк дешнийн к1орггера маь1на.

Тип материала: Документ Microsoft Word (docx)
Размер: 11.4 Mb
Количество скачиваний: 4
Просмотров: 83

Похожие материалы