Урокан тайпа. 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар

Предмет: Начальные классы
Категория материала: Рабочие программы
Автор:

Ц1е:  ЛЕКСИКА

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар

1алашо:

 1. Лексиках 1амийнарг  карладаккхар.

 2. Нохчийн  меттан  хазна  йовзийтар, цуьнга  безам, иза 1амо лаам  кхоллар.

 3. Къоман  хазачу  г1иллакхийн, Даймехкан,  халкъан  сий-лерам  бан 1амош, дешархошца  кхетош-кхиоран болх  д1абахьар.

 

Дешнаш а тоьар ду, шорта ду элпаш
1илманийн  к1оргенаш а  йийцало.
Цундела ца дохуш хьайн маттах айпаш,
Хастам а, сий-лерам цунна д1ало.

 

1амийнарг карладаккхар

 

ТОБА «СЕДАРЧИЙ»

 

         ТОБА «БАРТ»

1

Стенах  олу  лексика?

1

Дешнийн маь1нех лаьцна  х1ун хаьа шуна?  Масал даладел.

2

Стенах олу омонимаш? Масалш даладе.

2

Синонимаш стенах олу? Даладе масалш.

3

Масалш  далош, дийца  стенах олу  антонимаш?

3

Дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш стенах олу?

4

Иза са мере а кхаьчна воллура  предложенера  схьакараде  дешнийн  ч1аг1делла цхьаьнакхетар, билгалдаккха цуьнан маь1на.

4

Цуьнга корта беттар эрна хилира-схьакараде  дешнийн  ч1аг1делла цхьаьнакхетар, билгалдаккха цуьнан маь1на.

 

Кицанашкара  схьаязде антонимаш, билгалдаьккхинчу кицанан  маь1на  даста.

ТОБА «СЕДАРЧИЙ»

Ладог1ар - хьекъал, дукха лер – сонталла.

Хазачу дашо лам башийна.

Сихалло са диъна, собаро лам биъна.

Т1аьхьа вон доцуш дика а, т1аьхьа дика доцуш вон а хилла дац.

Хазалла- сарралц , дикалла- валлалц.

Кицанашкара  схьаязде антонимаш, билгалдаьккхинчу кицанан  маь1на  даста.

 

ТОБА «БАРТ»

Чохь ца хилла сий арахь а хир дац.

Хьаг1 ерг - к1илло, яхь ерг-къонаха.

Човхорах кхера а ма ло, хьастарх 1еха а ма ло.

Дешар - серло , цадешар – бода.

Белхан хьалхе хала хуьлу, амма т1аьхье мерза хуьлу.

Шиъ я цул сов маь1на долу дешнаш  схьаязде:

Ча, ло, керт,хи,мотт, кор, б1аьрг, ц1е, т1ам, не1, малх.

Лахахь билгалъяьхна синонимаш шайн-шайн тобанашка д1аязъе:

Хаза, говр, во1, алаша, къега, к1ант, лепа, исбаьхьа.

 

Сада1аран минот

Бераш хьуьнхахь ловзуш ду,

1аламе б1аьрг тухуш ду.

Хьалахьовсу малхе уьш,

Маьлхан з1аьнарша дохдо уьш,

Х1ара бозбоанчалла ма ду:

Берех лоха нах ма хилла.

Х1инца массо хьалаг1овтта

Даккхий дог1маш долу нах.

Т1араш тоха массара,

Когаш тоха меллаша.

Дика вай садаь1ира,

Болх дика бийр бу вай кхин д1а.

 

 

Тип материала: Документ Microsoft Word (docx)
Размер: 35.54 Kb
Количество скачиваний: 81
Просмотров: 317

Похожие материалы